Итум-Кали

  Рет қаралды 2,370

АДМИНИСТРАЦИЯ ИТУМ-КАЛИНСКОГО РАЙОНА

АДМИНИСТРАЦИЯ ИТУМ-КАЛИНСКОГО РАЙОНА

20 күн бұрын

Тахана лаьмнийн Итон-Кхаьллан кIоштарчу ширачу Пхьакочан кертахь «Нохчийн мотт- сан дозалла» аьлла долу доккха той дара нохчийн меттан Денна лерина.
Тхан лараме хьеший бара Нохчийчоьнан халкъан йаздархо Бексултанов Муса, лаьмнийн кхаа кIоштан прокурор Натаев Асламбек, адамийн бакъонаш ларйаран декъан векал Талхигов Илес, НР Йукъарчу палатин куьйгалхочун гIоьнча Бичалов Салавди, иштта вайн мехкан коьртачу шахьарара, Москвара хьеший а, Россин тайп-тайпанчу регионашкара туристаш, меттигера бахархой, къаной, кегийрхой.
Хьешашка а, гулбеллачарга а салам-маршалла а хоттуш, сайн вистхиларехь ас билгалдаьккхира, вайн Мехк-Ден Кадыров Рамзан-Хьаьжин лехамца 2007-чу шеран оханан беттан 25-чу дийнахь Нохчийн меттан деза Де тIелацар а, НР Конституцин 10-чу статйаца иза тIечIагIдина хилар а. Кху дезачу Денца уьш декъалбеш, баркалла а элира, Итон-Кхаьлла йуьстаха кIошт хиларе ца хьожуш, вайца кху дийнан дозалла декъа бахкарна.
Шайн къамелашкахь хьешаша а билгалдаьккхира, нохчийн мотт ширачу меттанех хилар а, цуьнан хазаллех лаьцна баккхийчу йаздархоша Л.Толстойс а, А.Дюмас а, Iилманчаша П.Услара а, Н.Яковлевс а, иштта алссам кхечара а дийцина хилар. Тахана Нохчийчохь шен ненан мотт бийцаран масал гойтуш, иза бахийта, кхион таронаш кхоьллина вайн мехкан Куьйгалхочо, вайн а, вайн къоначу тIаьхьенан а декхар ду шайн дайн гIиллакх-оьздангаллица шайн ненан мотт бийца, Iалашбан.
Бистхиллачара иштта билгалдаьккхира, Итон-Кхаьллан кIошт даима а хьеший-дай боккхачу ларамца тIеоьцуш хилар, цуьнан тоьшалла ду тахана а Пхьакочан уьйтIе ваьлчхьана а нохчийн ширачу а, вайзаманан а кхачанех йуьзна лаьтта стоьлаш, шайн кхачанах кхетар доьхуш гонаха хьийза кегийрхой а.
Дезачу дийнан тойнехь дийкира кIоштан школашкарчу дешархойн аьзнаш, цара говза йийшира М.Мамакаевн, Ш.Арсанукаевн, Ш. Рашидовн, М.Кибиевн, иштта кхиболчу а нохчийн къоман поэтийн байташ. КIоштан культурин декъан белхахоша а гайтира шайн говзалла иллеш аларехь, эшарш лакхарехь, кехат-пондар, дечиг-пондар лакхарехь, хелхарш дарехь.
Лараме накъостий, даггарчу баркаллица Дела реза хуьлда шуна кху тойнехь дакъалаьцначарна массарна а. Вайн йукъара йухькIам белахь а, алсам къахьегар шуна нисло,

Пікірлер: 4
@user-vb5kq2ed8z
@user-vb5kq2ed8z 18 күн бұрын
Молодцы, синовники мудрее становятся уже
@MaxMustermann-up4qq
@MaxMustermann-up4qq 17 күн бұрын
👍👍👍👍
@user-uk2nr3vi4f
@user-uk2nr3vi4f 17 күн бұрын
Панкиси с вами.
@ORSTHOY_NE_GALGAY
@ORSTHOY_NE_GALGAY 17 күн бұрын
♦️Чечня с вами братья👍🏻
Glow Stick Secret 😱 #shorts
00:37
Mr DegrEE
Рет қаралды 117 МЛН
Зомби Апокалипсис  часть 1 🤯#shorts
00:29
INNA SERG
Рет қаралды 6 МЛН
Which one will take more 😉
00:27
Polar
Рет қаралды 77 МЛН
Итум Кали
2:35
АДМИНИСТРАЦИЯ ИТУМ-КАЛИНСКОГО РАЙОНА
Рет қаралды 312
Узбекская свадьба 2024г май. Карши Узбекистан
15:35
Алишер Халилов
Рет қаралды 51 М.
Кругу друзей. Усманов Имран
1:08
ANDARBEK DARAEV
Рет қаралды 33 М.
How a former airborne trooper was welcomed in prison (with English subtitles)
10:40
Зона в кинематографе
Рет қаралды 9 МЛН
Музыкальная пауза в Осетии
4:06
MY GARDEN
Рет қаралды 32 М.
В СДК Алхан-юрт
2:44
Анзор Нурдалов
Рет қаралды 153 М.
Чеченцы моего полка
23:23
Лохпожизни
Рет қаралды 41 М.
Glow Stick Secret 😱 #shorts
00:37
Mr DegrEE
Рет қаралды 117 МЛН